ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох Керла Шо даздан 3 миллиард сом хьажийна


Кху шарахь Керла Шо даздаран кечамашна 3 миллиард сом хьажийна Кремло. Италхойн хотIехь базалг хазъен хIуманаш дIаоьхкина, Парижерчу Елисейн атагIашкахь (Елисейские Поля) санна гирляндийн кочарш лаьцна.

Москох кхозучу гирляндех даьлла 182 миллион сом, 18 миллионна кечбина Тверской олу цхьа урам. Лай-бабин куьцехь фигура эцна 1миллион соьмах. ГIалин мэрин гIишлонна хьалха хIоттийначу куьйгайинчу базалган мах 7 миллион сом хадийна.

Ткъа кертахь дIайоьгIначу кхаа базалгах 15 миллион сом. Москохан мэрин йоллу гIишло Керлачу шарна къагорийг 30 миллион сом даьлла, ВДНХ-хь дIахьонболчу барамашна хьажийна 46 миллион сом.

Ши шо хьалха Москох Керла шо даздаран барам 650 миллион сом дара. Дахначу шарахь къайладаьхьира Оьрсийчоьнан Iедало терахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG