1999-чу шарахь Нохчийчохь оьрсийн эскарна тIелатарехь 15 салти вийначу Басаев Шемила а, Хаттаба а куьйгалла деш хиллачу тIемалойн тобанерчу гIаттамхойн кхел йолор ю кеста. Оьрсийчоьнан Инарла прокуратурано дина и дIахьедар. Канаев ТенIела а, Казбулатов Шемал а бехкехилар тIечIагIдарца куьйгяздина Инарла прокуроран гIовса Сыдорук Ивана.
Талламчийн версица, 1999-чу шарахь Басаев Шемалан а, Хаттабан «НогIийн ЖамIат» тобанах дIакхетта и шиъ. Оццу шеран гурахь Шелковск кIоштарчу Червленная олучу юьртахь тIелатар дина цара оьрсийн эскарна.
Оцу тIематасадаларшкахь 15 вийра, 28 кеп-кепара чевнаш йинера.
Канаевн, Казбулатовн гIуллакх Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхеле кхи дIа талла кховдийна.