ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

„Со кхин ца Iало, тоьур ду. Со хIинца Алеппо йоьду!“


Албот Анна, журналист

Европера 3000 юкъараллин жигархой бу кху деношкахь Берлинера дIа Шемарчу Алеппо кхачччалца машаран марш ян новкъабовла кечлуш. Цу боламан коьртехь лаьтташ Германера журналист Албот Анна а, цуьнан хIусамда Томас а ву.

please wait

No media source currently available

0:00 0:04:44 0:00
Линкана тIе

„Со кхин ца Iело, тоаьр ду. Со хIинца Алеппо йоьду!“ - гергарчу хьесапехь иштта бара Берлинехь ехачу журналисто Албот Аннас масех кIира хьалха Фейсбукерчу шен агIонна тIехь битина хаам. Цхьаццаберш-м цо иза муха боху кхетта а хир бацара, амма Албот Анна боккъал а Алеппо йоьдуш ю.

Шеца цхьаьна кхин 3000 Европера маьрша бахархой а эцна, шайн бIаьргашна хьалха Шемарчу цу гIалахь хуьлуш лаьттарг кхин дIа а деш хIуммаъ доцуш тIеэца ца лууш болу, харцонна кхин са ца детталуш болу.

Амма муха гIур ву кху деношкахь Алеппо? Кхаччане а муха кхача йиш ю цу массо а агIор гобинчу, ур-атталла тIеман кIуркIаменера бовда гIертачарна а арабовла некъ боцучу гIала?

Албот Аннас цу хеттаршна атта а, цуьнца цхьаьна ша-тайпа а жоп ло – хIуммаъ дан ца луучарна бахьанаш кардо, ткъа цхьаъ дан луучарна некъ карбо аьлла ду цуьнан жоп.

Цундела цо Европерчу могIарерчу нахе кхайкхам бина, шен доглезаш верг, шена хIуъу дина а цистах ца Iерхьама цхьа бахьана дан лууш верг шена улле а хIотте, Алеппо вола аьлла.

Цо а, цуьнан хIусамдас Томасас а новкъабовла хаьржина де оршот де, гIура беттан 26-гIа ду. Ларамаза дац и де цара харжар – иза керистанаша Европехь Iиса пайхамар вина де дарздаршкахь шозлагIа де лоруш ду.

Цу дийнахь а, цул хьалхий, тIаьхьий догIучу шина деношкахь а мехала лору меттигерчу бахархоша ка ма-доллу дикнаш дар, шайн керистанийн мехаллаш, къаьстина, кхечаьрца къинхетаме хилар, сагIина хIума ялар я вовшех марзо эцар дага а лоцуш, дахар цу мехаллашца нисдан гIортар.

Албот Аннас, Полшерчу католикийн доьзалехь йина йолчу, ткъа ехаш Германехь йолчу, цундела хаьржина и де, шен „Алеппон дуьхьа машаран марш“ цIе йолу акци йолорна.

Шех акцех лаьцна аьлча, Албот Аннас иштта дийцира Маршо радионе шайн маршан Iалашонех а, шаьш иза дIа муха яхьа дагахь ду бохучух а

Албот: „Кхо кIира хьалха сайн идея ас сайн доттагIашка а, доьзале а йовзитира. Цул тIаьхьа 24 сахьт а далале бIеннаш адамаш гучудевлира, суна цу тIехь накъосталла дан лууш долу. Тхо, иза вовшахтухуш дерш а, амма иштта тхуна накъосталла деш я тхоьца бахка кечбелларш а, тхо деккъа кху Европера маьрша нах ду. Тхоьгахь хаамийн гIирсашкахула евзинарг бен информаци а яц, я кхузарчу шемахошкара хезнарг бен.

Тхо хIинцале а Iемина, политикаша и санна долу хIумнех сацамаш тIеоьцуш хиларх. Оха уьш хоржу, ткъа цул тIаьхьа цара тIеоьцучу сацамех тоам а бина Iен дезаш ду тхо. Ткъа суна кхин дIа цаьрга хьоьжуш Iен ца лаьара, хIунда аьлча соьга иза кхин ца лало, цигахь лаьтташ дерг. Сан сайн 2 жима бер ду.

Алеппохь лоьрийн цIенна тIе бомбеш етташ видео сайна гинчул тIаьхьа суна цигара бераш сайн бераш долуш санна хийтира. Сан дагахь кхийтира иза вуно чIогIа. Суна цу нахана хIуманитаран гIо кхачийта лаьа. Суна хаа, цигахь уллохь дуккхаъ цхьаьнакхетараллаш юйла, гIо дан кийча а йолуш.

Амма уьш нахана тIе ца кхочуьйту. Иза харц ду. Цундела йоккха гIовгIа эккхийта лаьа тхуна тхайн акцица, и хIума хийца йиш йолчу нуьцкъалчу нахе и хьал хийца сацамаш тIеэцийтархьама“.

Уггаре а Iа чIагIделлачу муьрехь гIаш хIора дийнахь 20 чакхарма некь бан дагахь ю Анна а, цуьнан накъостий а. Иттанаш пачхьалкхешкахула тIех а буьйлуш, Туркойчу а кхаьчна, цигархь Шемин доза а хадийна Алеппо кхача дагахь бу уьш.

Амма деккъа цхьа цу Алеппо кхачар яц церан Iалашо – Iалашо шайн некъ мел бу журналистийн а, юкъараллин а, политикийн шаьш лелочун, амма уггаре а хьалха Шемарчу нахехь болчу балана тIе тидам бахийтар, ка ма-доллу сиха цу нехан бала чекхбаккха дуьненан юкъаралла меттахйаккхар ю.

Буьйсанаш цара шаьш шайца цхьаэцначу четаршна чохь йохур ю. Юург-молург шайн чотах оьцур ю. Цхьаццаболчара шайца шайн бераш а ду дуьгуш – царна гайта, демократи а, адамийн бакъонаш ларйар а мел мехала ду, и хIума иштта атта, ша шех нахе кхочуш доцийла, цаьргахьа къийса дезийла, цу къовсамехь халонаш а, баланаш а ловш.

Жимма тIаьхьадисича санна ца хета шуна шу шайн акцица аьлла хаттар дира Маршо радионо Алеппо гIала машаран маршаца яха кечлучу Албот Аннига, цигахь хуьлуш дерг хилла даьлча санна ма хетало, аьлла.

„Со тешна ю, цкъа а тIаьхьа дац баланехь болчаьрна орцах вала. Цигахь хIинца а машар бац. Лоьраш а бац. Оьрийн цIенош а дац. ХIинца а адамаш баланехь а ду“, - аьлла жоп делира цо.

Хьомсара “Маршо Радион”доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьатаса: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG