Вайнаха мича хьелашкахь ца йо забарш, шен метта ала дезча мичахь ца хазадо беламе дош ала хала ду. ЦIеххьана рицкъ тIе а таттаделла, хьолана букъбеллачу вежарех цхьамма шайга мовлид йоьшуче кхайкхина шен юьртахо Халил.
Говр –ворданахь дIакхаьчча хIара, хIусамдайн езачу иномаркаш олучу машенашна юккъе, говр- ворда хIоттийна, дуьрста кертах а дIа а тесна, чувахана паргIат ваьлча, кхунна Iиттарш ян воьлла, бухарчу хьоладайн вежарех цхьаъ: «Мерседесаш» «Фордаш» юккъе дIа ма хIотти ахь хьайн вирбокъа, ва Халил!-эккхийтина цхьамма.
–Оцу хьан виро мийра тоьхна машенна зе дахь и санна итт вир йоьхкича а такха-м лур яц хьоьга! -Iоттар йина шолгIачу вашас а.
Уьш совццане а ца севчча Халилас аьлла: -ЛадогIал нах! Со сайн говр-ворданахь мангале а воьдуш, сайн даьхний а кхобуш, хьаннал къахьоьгуш кху дийне ваьлла стаг ву. Нехан хIума оьшуш а я сатесна а вац! Кхеран воккхах волчу вашас кхайкхина веъна вара кхуза а. Кхара даьккхи соьгара хIара.
Мацах цкъа со хьуьнхара вогIуш, вир-ворданахь лаьттачу цхьана воккхачу стагана тIеIоттавеллера со. Иза кху берийн да хиллера, шен цхьа лерг бен доцу вир а йоьжна дичиге вахана вогIуш, пастаронкаш а хаьдда Iаш.
Эчиган сара бехка гIерташ воллура и миска. Ас сайгара тIаьхьалонна лелош йолу аса а елла, гIо дича вилхира иза бIаьргех хи а долуш. Цу хенахь шу дIайожа лартIахь вир а яцара, хIинца хьолана дукъделлехь а.
ХIара зама-м хийцалуш лаьтташ ю шуна, тахана дерг кхана а доцуш. Со хьал-бахаме хьаьжжина, хийцалуш стаг вац . Цхьа де цхьангахь ца лаьтта, шу Iодика йойла!»
Иза аьлла дIавахна хилла Халил. Цу юкъа дукха хан йолале, шайн мел болу бахам дIабохка безна цу вежарийн, декхарех хьалха бовла.
Мел меттиг дIалоцу дахарехь забаро? Цу хаттарна жоьпаш кардо бахархойх дагавуьйлуш.
Нохчашка забар тIех дика кхеталуш хилар, самукъане, беламе дош аларна,бегаш барна, уьш тIера хилар дика го могIарерчу бахархоша дечу къамелашкахь.
Яхархо: «Ой, деллахь оьшу-кх забарра-м. Самукъадалар ду-кх забар. Велавалар дика ма ду. Хийла дов а дерзийна забаро-м»
Вахархо: «Забар синан синкъерам бу-кх. Дог-ойла а ойу забаро, сингаттам эккха а бо».
Забар ца хилча, адамаш а кхоьлина хир дара
Вахархо: «Дуьнанан баланаш шорта ма бу. Забар ца хилча йиш яцара нехан. Юкъаметтигаш тоярехь, халонаш эшорехь а мехала ю забарш-м.
Уьш яцахьара даима а кхоьлина хир дара адамаш а».
Забаро хьераваьлларг а сацавой –м хаьа суна. Оцу цхьана ловзаргахь, со теш а волуш, массара а сецош вара цхьаъ, хIуъу а аьлчи а юха ца воьрзуш. Хьусайн ву иза карладоккхуш.
Къонах гича мел бу боху
Хьусайн: «Вехна стаг хилла сецош нехан барамехь "къонах, сацахь", "къонах, собаре хилахь", "къонах, юхавалахь" бохуш.
ДIо инарла хиъна Iачу Ахьъяде мохь бели бохура: -Къонах гича мел бу бохур-кх. ХIара ткъех шо ду-кх суна къонах ганза. Суна а гайтийша иза!»
Шен хенна ялийначу забар, шен метта аьллачу беламечу дашо бохьучу пайданах къамел дерзош ялайо оха забарна тIерачу дас, дIаяха хьайначу зудчунна, юхаерзахьара бохуш дехарш деш тIаьхьаваьллачу шен кIантана гIодарх.
Керта веъначу лулахочуьнца цхьацца дуьйцуш Iаш хилла Бахьа. Коьрта Iуьйра шен хьаьрса месаш а яржийна, йоккхачу гIовгIанца чуьра аратасаелла нус. ТIаьхьа хIоьттина, батт ваьшта ца йоьдуш, хаддаза луьйш Бахьин кIант а хилла: "Валлай, хьенех, соьгара хIума а даьлла, сан бехкенна йоьдуш-м яц хьо ! Юхаерзахь, ма гIохьа дIа! ХIинцачул тIаьхьа соьгара хьайна цатаме цхьаъ далахь, дIаяха кхуьур ю хьо! Собаре хилахьара хьо"!
Лулахочунна а хезаш кIанта до осала къамел ца тайначу Бахьас, дIа мохь а тоьхна аьлла: "Хьенех, шен лаамехь йита и зуда. Нагахь иза, шен аьллар тIе а даьккхина, бакълена а дIайодахь, Дала боккха къинхетам бо хьуна хьох а, вайх а.
Цо цкъа аьллехь шен дош дохор дац! Ма гIерта иза юхаерзо! Мардас деш долу къамел шен лере кхачарций, несо, сихха юха а йоьрзуш, хазийна: «Валлай, дIа а яхана шуна хазахетар ца дан, юхайоьрзур ма ю со!»
Иза а аьлла, нус чуяхана. Цул тIаьхьа Бахьас, тIе а вехна, кIанте аьлла: "Хьенех, ахь дехарш мел до, зуда хьан гира юссур яц, мелхо а гихь лелийча а ца тоьуш, когаш лестош ницкъ бийр бу хьуна. АллахI, очам бохуш дехаршка а ца вуьйлуш, оцу зудчуьнга ойла йойтур йолуш дош ала хьажахь".
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832