ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьра векал вийна турко ца хилла динна тIевирзина


Оьрсийчоьнан Туркойчуьра векал Карлов Андрей вийна Алтынташ Мевлют вацара динна тIевирзиа, иза дуьненан стаг вара аьлла Reuters агенталле цуьнан гергарчара. Хьалхо туркойн Milliyet газетано даржийра, Алтынташ лаьцначу хьешан цIийнерчу лоьмарчохь экстремистийн «Ал-Къайда» тобанех лаьцна а, оппозиционеран Гюлен ФетхуллахIан юкъараллех лаьцна а жайнаш карийнера аьлла.

Карлов вийнарг Гюленца уьйрашкахь хилла аьлла, дIахьедира Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Реджепа а. Ша Гюлена и информаци бакъ ца йо.

Анкарахь суьртийн гайтамехь дош олучу хенахь вийна оьрсийн векал Карлов Андрей.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG