ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчашна тIехь кхел йина Белгехь


Белгерчу Брюгге гIалин кхело 15 баттера итт шерашка кхаччалц хенаш кхайкхийна, шайн пачхьалкхехь вехачу 12 нохчочунна. Царна бехкедиллина, кегийрхошлахь Шемарчу тIаме баха дог ира-кара хIиттор. КхойттолгIаниг кхело маьршаваьккхина, талламаш бича бехк ца карийна. Белгерчу зорбанаша Iорабаьккхина и хаам.

Хьалхо «Кавказан узел» агенталло яздора, экстремизмалле гIуллакхашкахь тусавелла Нохчийчуьра схьаваьлла 16 стаг лаьцна Белгин гIаланашкахь дахначу шарахь, аьлла. Кху аьхка Белгин къайлахчу сервисаша дIахьедира, террорхой бу аьлла шеконехь болчу нехан шаьш кхоьллина тептар хиларх.

614 стаг вара цу юкъахь. Царлахь 29 Оьрсийчоьнан бахархой бара: Нохчийчуьра а, Дагестанера а, ГIалгIайчуьра а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG