ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германерчу Аугсбургера 54 эзар вахархочо дIатосу шайн хIусамаш


Би би си-но хаамбарца, Къилба Германерчу Аугсбург гIалин 54 эзар вахархочун шайн хIусамаш дIатийса дезна кIирнадийнахь, шахьарахь ШолгIачу Дуьненаюкъарчу тIеман заманара британхойн кемано кхоьссина бомба хааяларца.

ТIом бирзинчул тIаьхьа хилла уггар йоккхачух ю и эвакуаци. Болчу хаамашца, 1,8 тонн йозаллин гIаличу 1944-чу шарахь кхоьсинчу бомбано йоллу шахьар хIаллакйинера.

Полисхоша гонехь латтош ю гIала Iуьйранна дуьйнна. Хууш дац, мел хан оьшур ю и бомба зеназа ян.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG