ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сочехь кема доьхна терахь къоман тезетан де дIакхайкхийна Путина


Сочехь чудеанчу кеманчохь 92 стаг а леш бохам хилла ГIура-беттан 26-гIа де къоман тезетан де хилар дIакхайкхийна Путин Владимира. Президенто чIагIо йина, кема дохаран бахьанаш кхачо йоллуш талла а, беллачийн гергарчарна ахчанан барамехь гIо лаца а.

КIирандийнан Iуьйранна хьалагIаьттинчул тIаьхьа хIаллакхилла Оьрсийчоьнан тIеман министраллан Ту-154 кема. Кеманчохь белларш бу Алеппо гIала концертаца боьлху Александровн цIарахчу хелхарийн, иллийн ансамблан декъашхой.

Иштта бу царлахь «Нийсонан гIо» цIе йолчу фондан куьйгалхо Глинка Елизавета, халкъалахь Доктор Лиза цIарца дика евзаш йолу, исс журналист а. Кема дохаран бахьанаш толлучу комиссина хетарехь, техникан кхачамбацарш ду кеманна дуьхьало йинарг.

ТАСС агенталло хаийтарца, беллачийн гергарчарна 6 миллион гергга сом кхачор ду. Iамеркан Оьрсийчуьрчу векало Теффт Джон кадамбеш висхилла оьрсийн къоме.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG