ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчура арабевлла Бахарчиев Зелимхин гергара нах


ТIемло лоручу Бахарчиев Зелимхин гергара божарий эвлара арабевлла. Цунах лаьцна хаам бина «Кавказский узело». Цу интернетан ресурсо дийцарехь, иза хилла Пригородное эвларчу бахархоша цу хьокъехь гулам бинчул тIаьхьа.

Пригородное эвлахь ГIура-беттан 21-чу дийнахь гулам хиллера Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан гIоьнчо а, республикерчу муфтиятан белхахоша а дакъалоцуш. Цу наха республикера арабахар дийхира ГIура-беттан 17-чу а, 18-чу а деношкахь тIелатар деш дакъалаьцна хила мега аьлла Iедалша вуьйцучу Бахарчиев Зелимхан гергара нах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG