ТIаьхьарчу 5 баттахь шайн махка дан дихкина 9 зар тонн кхачанан сурсаташ хIаллакдина Оьрсийчохь. "Россельхознадзоро" бинчу хаамца, дукхах долу хIаллакдина сурсаташ ду стоьмех а, хасстоьмех а дина.
Кхачанан эмбарго кхайкхийра Оьрсийчоьно 2014-чу шарахь, дийцарехь, шайна дуьхьал кхайкхийначу санкцешна жоп луш. Оьрсийчу дан дихкина ду, ша аьлча, жижиг а, цуьнах бина кхача а, шура а, чIара а, стоьмаш а, хасстоьмаш а.
Санкцеш хьакхалуш долу сурсаташ хIаллакде аьлла указ арахийцира Оьрсийчоьнан президенто 2015-чу шарахь Марсхьокху-беттан 6-чу дийнахь. Схьадаьхна сурсаташ дагадо я тракторшца а, булдозаршца а хIаллакдо.
Официалан хаамашца, 22 миллион гергга стаг ву Оьрсийчохь къелла хьоьгуш. Кхин а 5 миллин вахархо ву цу пачхьалкхехь 7500 соьмал лахара алапа оьцуш.