ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Таро йоцу цхьа-а стаг ма кхачавойла лоьрийн буьйна...»


Пачхьалкхо даккхий ахчанаш къастадарх Нохчийчохь маьхаза молханаш хир ду бохург шеконе дуьллу цхьаболчу заьIапхойн Iуьналчаша.

Оьрсийчоьнан пачхьалкхо даккхий ахчанаш къастийна заьIапхошна а, лазархошна а маьхаза молханаш хилийта а, заьIапечу берашна леррина кечбеш болу дарбане кхача латто а.

Iедалан хьостано хааме даккхарца кIошташкахь дехачу адамийн дукхаллин бараме хьаьжжина дIасадекъна ахчанаш.

Къилбаседа Кавказан республикех уггар дукха ахча къастийнарг ю Дагестан Дагестан,Нохчийчоь,- 223 миллион сов, ткъа Нохчийчоьнна дина дакъа ду 127 миллионал тIех оьккхуш.

Бакъдерг дийцича, заьIапхоша а,церан гергарчара а хIинццалц схьа тергалделлачу суьртаца дустар а далош, йоккхачу шеконе дуьллу эшамехь болчарна молханаш маьхаза дIакхачор ду бохург.

«Соьлжа-гIалин муьлххачу а дарбанан цIийнехь маьхаза молха доций-м хаьа суна».

«Цхьа хIума дац маьхаза,молха а дац я лоьралла а дац».

«Таро йоцу цхьа-а стаг ма кхачавойла лоьрийн буьйна».

Герггарчу барамехь ишта жоьпаш ло могIарерчу наха. Шена зеделлачух ишта дийцира Старопромысал кIоштерчу Идрисова Зайнапа.

«Деза молханаш дара тхуна лоьро яздина.ХIинццалц схьа уьш сайна ца делла ала-м яьхьар яц со. Дала-м делла мухха деллехь а.Баттана хьедеш а,шина баттана хьедеш а. Шен хенна уьш схьалуш ца хилча хIун дан деза? Хьаьнггара ахча доккхий а оьцур-кх.» И къамел динчу Зайнапа дийцарехь гуттар тIаьхьа схьаделла молха юха дIадохка я цхьанна сагIийна дIадала дезна цуьнан.

ЗаьIапхошна а,дархошна а маьхаза молханаш хилийта мел дукха ахча хьажадарх дукхахболчарна и дIакхочур дац аьлла хьажам болчех ю ткъа шарахь сов заьIапхочун терго еш йолу Соьлж-гIалин кIоштера яхархо Хеда.

Хеда: «Мел дукха миллиардаш къастийча а, нахана и дIакхочур ду аьлла суна-м ца хета. Цара и ца кхочийта. Операци йича, вуьшта цомгаш хилча а наха шаьш оьцуш ду-кх молханаш. Сан цIийнда заьIапхо волу 26 шо ду.

Юьхьанца молха-хIума луш дара цул тIаьхьа «тап» аьлла дIасецца. Цхьа хIума луш яц кху ткъе ялх шарахь тхаьш до-кх оха дерриге а. Цхьа дика болх бо цара тхуна и памперсаш луш. Уьш а хьалха дийнахь бусий 3-4 луш хиллехь,цкъа шиъ яла буьйлабелира, ткъа хIинца цхьаъОьрсийчоь, бен ца ло.

Уьш схьаэцар а бу боккха бала. ГIалахь бен луш яц, Iаламат яккхий очарташ хуьлу. Хийла схьаэцаза а юьсу. Уьш кIошташкахь дIа стенна ца ло а хаац. Памперсаш а лартIа луш йоцу, деза молханаш мича лур дара цара? Кху ткъа шарахь сов тхуна-м ца дела…»

Молханийн хьокъехь шена моьттачух дийцина Хеда тешна ю цу декъехь Оьрсийчохь а, я цуьнан кIошташкахь а дикачу агIор хийцамаш хир бац аьлла.

Ма-дарра аьлча, цунна хаъане а хаъцара сакхт-айпаца болчарна а, сиркхо хьакхаеллачу бахархошна а дарбанаш лелорехь хьарамлонаш дIа евлла, мацца еъна зама йогIур ю-яц.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG