ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТУ-154 кеман Iаьржа яьшка карийна Iаьржа хIорд чохь


Iаьржа хIорд чудоьжначу Оьрсийчоьнан тIеман министраллан ТУ-154 кеман дакъош лоьхучу орцанхошна карийна цуьнан коьрта Iаьржа яьшка. Гергарчу хенахь оьшуш болу таллам бан иза дIакхачор ю Подмосковьехь йолчу талламан центре.

КIирандийнан Iуьйранна хьалагIаьттинчул тIаьхьа дуьйхира Оьрсийчоьнан тIеман министраллан Ту-154 кема. Кеманчохь белларш бу Алеппо гIала концертаца боьлху Александровн цIарахчу хелхарийн, иллийн ансамблан декъашхой.

Иштта бу царлахь «Нийсонан гIо» цIе йолчу фондан куьйгалхо Глинка Елизавета, халкъалахь Доктор Лиза цIарца евзаш йолу, исс журналист а. Кема дохаран бахьанаш толлучу комиссина хетарехь, техникан кхачамбацарш ду кеманна дуьхьало йинарг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG