ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь тIемалойн могIаршкахь тIом беш ву 8 хIири


Шема -- Исламан пачхьалкх шех олучу тобанера тIемалой. 2016.
Шема -- Исламан пачхьалкх шех олучу тобанера тIемалой. 2016.

Гергарчу Малхбале тIемашкахь дакъалаца вахана Къилбаседа ХIирийчоьнан Моздокан кIоштара 8 вахархо. Цунах лаьцна хаам бина цу республикан куьйгалхочуьнан гIоьнчо Лебедев Константина.

"Регнум" агенталло бинчу хаамца, и нах бехке беш бу Шемахь а, Иракъехь а йолчу тIеман вовшахтохараллашкахь дакъалацарна. Цу 8 стаганна дуьхьал схьадиллина бехктакхаман гIуллакхаш.

Лебедевс дийцарехь, 2016-чу шарахь Къилбаседа ХIирийчохь ца хилла цхьа а теракт а, Iедалан белхахой а, диндай а, юкъараллан жигархой а байа гIортар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG