ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIонгконган грипп олу цамгар гучуяьлла Къилбаседа Кавказехь


Къилбаседа Кавказехь гучубевлла хIонгконган грипп олу цамгар кхетта дуьххьарлера дархой. Цунах лаьцна хаам бо etokavkaz.ru интернетан ресурсо.

И цамгар яржа мегаш ю аьлла школаш дIакъевлина Къилбаседа ХIирийчохь (дийнахь-бусий цу республикехь лоьрашка гIо дехна 1900 сов стага), ГIебартойн-Балкхаройчохь хьал чолхе дала мегаш ду Дечкен-бутт чекхболуш.

Ставрополехь и грипп кхетта ву 92 стаг. Нохчийчохь и цамгар гучуяьлла яц. Лоьрашна хетарехь, дIоггIара кхераме хьал дац ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG