ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Инарла Алаудинов Апти дIаваьккхина балхара


Apti Alaudinov
Apti Alaudinov

Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьалхара когаметта Алаудинов Апти балхара дIаваьккхина, Соьлж-ГIалахь кегийрхоша полицин белхахошна тIелатар бахьана долуш. Цхьаболчу хаамашца, цу тIехула цуьнан дар-дацара хилла Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанаца, хаам бо «Новая газето».

Цу хьостано дийцарехь, Алаудинов юххера стаг вара Кадыровн. Соьлж-ГIалана тIелатар хиллера кху деношкахь, Iедалшна дагахь а доцуш, ткъа Кадыровна хетарехь, иза полицин агентура гIорасиз хилла хилар дара, билгалдоккху «Новая газето».

Цо дийцарехь, Алаудинов воцург балхара дIабаха мегаш бу цхьамогIа Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан лаккхарчу даржашкахь болу белхахой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG