ТIекхочийла долу линкаш

Алаудинов балхара дIаваккхар харцдина Кадыровс


Нохчийчоьнан администрацин куьйгалхо Кадыров Рамзан.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана харцбина Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьалхара когаметта Алаудинов Апти ша балхара дIаваьккхина аьлла баржийна хаам. И хаамаш «даьсса къамелаш» ду аьлла Кадыровс.

Шен Инстаграмехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо яздина, ша лаккхара мах хадабо Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло терроризмаца дIахьош болчу къийсаман аьлла.

ГIура-беттан 28-чу дийнахь Алаудинов балхара дIаваьккхина аьлла хаам бинера «Новая газето».

XS
SM
MD
LG