ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

140 сов диллина сурт делла Нохчийчоьнна бизнесхочо Тимченкос


Нохчийчоь -- Соьлж-ГIалара къоман музей
Нохчийчоь -- Соьлж-ГIалара къоман музей

Оьрсийчоьнан вевзаш волчу бизнесхочо, сагIадаккхаран фондан куьйгалхочо Тимченко Геннадис 140 сов диллина сурт делла Нохчийчоьнна. Цунах лаьцна шен Инстаграмехь хаам бина Кадыров Рамзана.

СагIийна деллачу сурташна юкъахь ду «Yохчийн зуда», «Соьлжа хи», «Ломара эвла", «Нохчийчоь». «Терк». Кадыровс дийцарехь, и сурташ дехкина 60 сов зама ю. Цара меттиг дIалоцур ю Соьлж-ГIаларчу къоман музейхь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG