ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кавказский узел: Соьлж-Галахь lедалша лаьцна хилла кхо тIемало дийна вац


ГIура-беттан 17-чу дийнахь тIемалоша Соьлжа-Галахь полисхошна тIелатар динчул тIаьхьа лаьцна кхо стаг дийна вац аьлла, хаам бина "Кавказский узел" сайто, Нохчийчура могашаллан министраллерчу хьостана тIе а тевжаш.

Оьрсийчура зорбанан гIирсаша (Коммерсант, Российская газета, life.ru) дийцарехь, Iедалша лаьцнера 29 шо долу Юсупов Асхьаб а, Бергоев Исмаьил а, герз тохна лазийна йолу 18 шо долу Шахбиева Мадина а. Цул сов, чевнаш хилла а волуш, лаьцнера Шахбиев фамили йолу кхин цхьа стаг а.

"Кавказский узело" дийцарехь, ГIура беттан 22-чу дийнахь царах шиъ дарбан хIусамехь хилла, чевнаш хиллачу йоьIан ког дIабаьккхина, амма уьш ле бан мегар долчу хьолехь хилла.

Таханлерчу денна чевнаш хилла кхо стаг вийна. "Кавказский узеле" Нохчийчура могашаллан министраллера хьостано бинчу хаамца, герзаца хиллачу наха ГIура-беттан 25-чу дийнахь, дарбанан хIусамера ара а такхийна, вийна лазийна хилла жима стаг. Иштта йийна чов хилла йоI а, кхин цхьа жима стаг а. ВоьолгIачух хилларг хIун ду хууш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG