Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа Вашингтонера а, Сан Францискора а, 35 дипломат ара а ваьккхина, керла санкцеш кхайкхийна Оьрсийчоьнна. Бинчу хаамца, санкцеш кхайкхийна Iамеркехь харжамийн кампани йолуш кибертIелетарш дарна.
Iамеркан президенто Обама Барака, санкцеш юкъаяхарна комментари еш элира, уьш оьшуш а яра, йогIуш а ю Оьрсийчоьно динарг бахьана долуш аьлла. Арабохуш болу дипломаташ "шпионаш" бу элира цо.
Iамеркин финансийн министралло бинчу хаамца, Вашингтоно дIакъевлина Оьрсийчоьнан дипломатин Мэрилендехь а, Нью-Йоркехь а йолу ши мисси. Iамерки Iедалшна хетарехь, царах оьрсаша пайда оьцуш хилла талламаш беш.
Iамеркера арабоху дипломаташ дIабаха безаш бу Цхьаьнатоьхначу Штатийн территори тIера 72 сахьт далале.
Iамеркан финансийн министралло кхайкхийна санкцеш хьакхалуш ю Оьрсийчура ялх стагах а, пхеа министраллах а, урхаллах а, сервисах а, шайна юкъахь Оьрсийчоьнан ФСБ а, ГРУ-н хьаьким Коробов Игорь а, цуьнан хьалхара кхо когаметта Алексеев Владимир а, Гизунов Сергей а, Костюков Игорь а волуш.
Санкцеш кхайкхийначу нахана юкъахь ву хакер ву аьлла Iамеркан ФБР-о лоьхуш волу Белан Алексей а, Богачев Евгений а.
Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думехь Iамерко санкцеш кхайкхор а, дипломаташ арабахар а "дIайоьдуш йолчу Обама Баракан тобан агонех тера ду" аьлла.