ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасавюртахь вийна полицин белхахо


Дагестанехь сих-сиха бойу некъаца лаьтта полисхой.
Дагестанехь сих-сиха бойу некъаца лаьтта полисхой.

Дагестанерчу Хасавюртахь, герзаца тIелатар а дина, вийна полицин белхахо. Цунах лаьцна хаам бина «Интерфаксо». Цу агенталлан хьостно дийцарехь, дуьхьал герзаш а тоьхна, вийна ши стаг. И нах хьалха а полисхошна тIелетарш дарца гучубевлла хилла.

Иштта, Iедалша чIагIдарехь, ГIура-беттан 25-чу дийнахь ХIинжа-гIалара Кизилюрта боьдучу некъа тIехь цара вийнера полицин ши белхахо. Кхин цхьаъ лазийнера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG