Iамеркан Федералан талламан бюроно бехке йина Оьрсийчоьнан талламан сервисаш, цунах лаьцна еарин дийнахь рапорт зорбане а даьккхина.
Цу документан тIехь далийна ду Оьрсийчоьнан цхьана йоккхачу хIакерийн компанино лелийначу зуламечу кодийн масалш. «Iамеркан аз» ресурсо бинчу хаамца, 2015 шо юккъедаьлчхенахь дуьйна Оьрсийчоьнан талламан сервисо а, Федералан кхерамазаллин сервисо а зуламе интернетан адресаш оьхуьйтуш хилла цхьа эзар сов интернетах пайда оьцучу нахана, шайна юкъахь Iамеркан Iедалан декъашхой а болуш.
Цу тайпа хаамаш бу 13 агIонах лаьттачу Iамеркан Феделаран талламан бюроно (FBI) кечдинчу рапорт тIехь.
Феделаран талламан бюроно шен дIахаийтар зорбане даьккхина, Обама Барака Оьрсийчоьнна, 35 дипломат махкара ара а воккхуш, керла санкцеш кхайийначу дийнахь.