ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьа дахар доьхча, шолгIачо Iехош...


Голландехь еха нохчо Саитова Луиза
Голландехь еха нохчо Саитова Луиза

Маьршачу дахарехьа беха некъ а бина, шен лаамашка кхаьчначу нохчийн зудчух Саитова Луизех.

Хьанна моьтттура 20-30 шо хьалха, керан юккъал бен йоцчу Нохчийчуьрчу бахархойн рицкъаш дуьне ма-дду дIасадаьржар ду.

Дуккха а бара уьш… ТIамах бевддарш, оьрсийн салтийн къизалло къахкийнарш, шайн доьзалшна тоаме напха латто аьттонаш лоьхурш, Iедалан харцоно кога-акха баьхнарш…

Амма оцу хIораннан а нохчочун кхоллам кеп-кепара нисбелла…

Цхьаберш юха баьхкира шайн даймахка… Нехан махкахь вехачул а, шен махкахь валар гIоле хетарш.

Музыкант Саитова Луиза шен белхан накъостца, Голланди
Музыкант Саитова Луиза шен белхан накъостца, Голланди

Хала ду хийрачу махкахь Iен а, ваха а… Кхеташ ду!

Массаьрга а ца яло интеграци.

Амма бухабисинчарлахь кIеззиг бац, шаьш бехачу пачхьалкхашкахь лаккхарчу тIегIанашкахь меттигаш дIа а лецна, бухарчу бахархойх дIа а ийна, цаьрца гергарлонаш а доьзна, меттанаш Iамийна, хан йоккхурш.

Царех ю вайн таханлера турпалхо Саитова Луиза а.

2003 шо. Нохчийчохь тIемаш жигарбевлла зама.

Федералан эскарийн йийсарехь мохк лаьтта хан.

Маьрша нах дIа а лехьош, уьш хIаллакбеш, «зачистка» олу лерина операцеш дIаяхьаран мур.

Ишттачу цхьана дийнахь, чу а лелхий, дIавуьгу Луизин цIийнда а. Волу меттиг хьул а йой, цхьана ханна латтаво иза гIазакхаша шайн карахь, етташ, Iазапехь валлош.

Саитова Луизин кхо йоI
Саитова Луизин кхо йоI

ХIара лаьцна чохь валлочу гIишлонна тIемалоша тIелатар дар бахьанаца, ка йолу Луизин хIусамден оьрсийн салтийн карара вала.

Цуьнан дегIатIера чевнаш дIа ма йирззи, лаам хуьлу цушиннан мохк дIатаса, синпаргIато лаха.

Некъ беха бара… Оцу некъахь цара лайначу халонех, ницкъах нидерландхойн телекомпанино Луизех лаьцна яьккхинчу филмо дикка йовзуьйту Луизин амал, цуьнан дуьнене хьежар, марзо эца таро ло цо башхачу озаца олучу эшарийн а.

http://vaydahar.eu/avtorskie-kolonki/vzglyad/1332/luiza-saitova-zhizn-kak-syuita

Маршо Радионо маша буьйзира вайн турпалхочуьнца, Голландехь шен доьзалца ехачу Саитова Луизица.

И дерриге а шеца селхана хилча санна дийцира цо…лазамца, догIийжарца…

Атта дац, хьо вина, кхиина юрт, ахь идийна аренаш, некъаш дицдина, безарш-бевзарш дIа а тесна ваха.

Саитова Луиза
Саитова Луиза

Атта дац хьан сина а, дагна а хийрачу махкахь дIатарвала, караберзо церан мотт, ларда церна низамаш, ламасташ.

Амма Саитова Луизин ницкъ, гIора а тоьана оцу массо а халонашкахула чекх а яьлла, толам баккха.

Иштта ду тхойшиннан хилла къамел.

(Программехь шуна хезачу эшаран дешнийн, мукъаман автор ю Саитова Луиза. ДIаолушъерг а ю ша)

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG