ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан хаьржина волчу президенто хастийна Путин


Трамп Доналд.
Трамп Доналд.

Цхьаьнатоьхначу Штатийн хаьржина волчу президенто Трампа Доналда хастийна Iамеркан дипломаташ церан Оьрсийчоьнан коллегаш махках бахарна дуьхьал ара ца баха Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира бина сацам. «Вуно дика яьккхина гIулч» ю аьлла, яздина Трампа Твиттерехь шайна дуьхьал гIулч ца яккхар, Путин «даиман а вуно хьекъал долу стаг хетара шена аьлла.

ПIераскан дийнахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира сацам бира шайн махкара ара ца баха Iамеркан дипломаташ.

Хьалхо Оьрсийчоьнан хаамийн агенталлаша дIакхайкхийнера «тешам байна нах» бу аьлла 35 Iамеркан дипломат махкара араваккха сацам бина Оьрсийчоьнан Iедалша аьлла.

Царна юкъахь хила везаш вара 31 Iамеркан Москох векалаллан белхахо а, Петарбухера инарлан консулатера 4 белхахо а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG