Керла шо тIекхаьчна 2 сахьт далале некъахьовзам хилла кхо стаг лазийна Нохчийчохь. И бохам хилла «Кавказ» некъа тIехь буса 2 сахьт долуш.
Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, вовшахкхеттарг ю ВАЗ-217030 а, ВАЗ-219010 а олу ши машен. Лазийна цу мешенашна урхалла деш хилла ши стаг а, улле хиина хилла цхьа стаг а.
Уьш дIакхачийна дарбанан хIусаме. Полицин белхахой толлуш бу хилларг.