ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Устазан Кунта-Хьаьжин сийнна


ТIаьхьено тIаьхьенашка а луш, беха дагалецамаш карла а бохуш, 1864 шарахь эвлаяъ Кишин Кунта-Хьаьжа а, цуьнан гергарнаш а Оьрсийчоьно лецна, набахтешка хьийсийна де сагIанашца, зикаршца, билгалдоккхуш ю Нохчийчоь.

ТIамна, адамо адамна тIехь гIелоярна дуьхьал хиларал совнаха, иза муьлххачу а Iедалх ша къаьхкаш а, шен мурдаш оццу новкъа баьхна леларна а йина цунна оьрсийн паччахьо репресси, историно бахарехь. Эвлаяъ Сибрех дIавиггинчу деношкахь, иза юхавоьхуш хIоьттина гулам яккхий тоьпашца хьошуш Шеларчу оьрсийн дакъоша вийра массех бIе мурд.

Кунта-Хьажа дагалоцуш, ша инстаграммехь бинчу хаамехь Нохчийчоьнан администраторо Кадыров Рамзана билгалдоккху Устазна герга шен гаран хьалханча Бенойн Илес а хилла хилар а, цуьнан дахаран некъ набахтехь бирзина хилар а. Киши Кунта-Хьаьжа лацар уггаре а адамзалле, къиза гIулч яра нохчашна дуьхьал паччахьан агIор, яздо Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG