ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнна реза вацахь, кхочур ву хьо набахте


Пачхьалкхан думин депутато Милонов Виталийс низамна бух кховдийна парламенте Оьрсийчоьнан бахархошка къоман дозалла лардайта лерина. Цунна хетарехь, тIаьххьарчу хенахь сийсазъян йолийна цхьаболчу наха мехкан синбахамалла, цуьнан йозалла.

Милоновс бахарехь, хаамийн гIирсех, интернетах пайда а оьцуш, даймохк цабезачара емалйо Оьрсийчоь, цуьнан мехаллаш, цунна дуьхаьло ян а еза пачхьалкхо шен низамашца.

Хьехочу мехаллийн могIарахь ду Оьрсийчоьно дуьненан шолгIачу тIамехь лаьцна дакъа ладар, Оьрсийчоьнан эскар йозанашкахь, къамелашкахь сийсаздар, Оьрсийчоьнан Iилмано лаккхара пайдабохьуш цахетар, исторехь хилларг-лелларг мехаца лахдар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG