ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стенна во Кадыровс Сталин емал?..


«Со ца кхета, стенна во Кадыровс Сталин емал, ша лелориг дуьззина Сталинан кепашца догIуш хилча..."

please wait

No media source currently available

0:00 0:04:48 0:00
Линкана тIе

Советан пачхьалкхан куьйгалла динчу Сталина аьлла «Дех жоп дала декхаре вац кIант» дешнаш тахана а нахалахь олуш, хезаш ду.

Массо а къаьмнийн баьччас и дешнаш кест-кеста шен къамелехь далош хиллехь а, исторехь кIезиг дац масалш, Сталина берашца а, дайшца а къизаллаш, харцонаш лелийна.

Либералаша «Кху заманан Сталин» олучу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, ша мехкан куьйгалле дIа ма хIоьтти юкъадаьккхира, доьзалхочуьнгара даьллачу зуламна да-нана, гергарнаш жоьпе озор.

Дуьненаюкъарчу бакъонашларъярхоша а, хаамийн гIирсаша а емалдира, масала, ши шо хьалха, Зорбан цIенна а, Соьлж-ГIалин школанна а гIаттамхоша, полисхой а бойуш, тIелатар динчул тIаьхьа, Кадыровс тIемалойн гергарчарна чIир кхайкхор, екхар.

ХIетахь дуккхаъчийн цIенош дагийра, Iаьнан Iуьйранна карахь-куьйгахь схьаэцначун бен дай а боцуш, махках бехира. Тайп-тукхмашца бозурш балхара бохийра, догIучу пенсех хадийра.

Вейтта полисхо а вуьйш хиллачу тIематасадаларийн хьокъехь меттигерчу телевизионехь вистхуьлуш Кадыровс дера дIакхайкхийра, министрш, кIоштийн куьйгалхой, чоьхьарчу гIуллакхийн хьукматийн хьаькамаш а ша балхара бохор хиларх, нагахь санна церан Iуналлехь йолчу кIошташкара цхьаъ террорхойн лоручу тобанех дIакхетахь.

ГIура-беттан 17-18-чу деношкахь юха а тIелатар дира Соьлж-ГIалахь ворхI жимчу стага полисхошна. Царех 4 чевнашца дийна каравеара полицина, кхоъ оцу кхийсаршкахь вийра.

ГIаттамхойн хIусамаш ягийна меттигаш ца хаабелла, амма церан гергарчарна тIехь эрдаккхар дерзаза ду тахана а.

Полицин деккъахь латтийра уьш цхьана юкъанна, цул тIаьхьа Iедало байинчу полисхойн гергарчаьрца берта бохуьйтуш, маслаIат дан гIоьрти шаьш аьлла, телехьожийлехь гайтира.

Амма полисхойн гергарчара шаьш геч ца до, оцу нахе чIир кхайкхайо шаьш аьллачу тIехь дерзийтира и гIуллакх.

Кху деношкахь, «Кавказский узел» агенталло дуьйцу, тIелатар динчийн гергарнаш, церан фамили лелораш а балхара дIабаха долийна Нохчийчохь аьлла.

Цул совнах, алапех хадийна ца Iаш, сецадо церан заьIап хиларца дуккха а зама хьалха хIоттийна а, къаналлин пенсеш а, кегийчу берашна Iедало хIоттийна ахча а.

Цхьана а кепара тIедогIуш сом дац шайна, махках довлар бен кхи дан амал дац шайн, амма некъана а ма оьшу ахча, бохуш даредо оцу наха "Кавказский узел" агенталло дийцарехь.

Йоллу Оьрсийчохь Керлачу шеран мукъаденошкахь болх беш яц цхьа а хьукмат я организаци а. Цундела цхьацца хьосташа зорбанехь дуьйцург мел бакъду хаа аьтто ца хилира Маршо Радион.

Делахь а, «Нохчийчуьра Наной» цIе йолчу юкъараллан куьйгалхочуьнца, бакъоларъярхочуьнца Магомадова Мадиница зIене девлира тхо.

Бакъдуй Соьлж-ГIалахь полисхошна тIелатар динчийн нах: зударий а, божарий а балхара хьаькхна, дIабохуш бу аьлла даьржина хабар, хаьттира оха Мадине.

Магомадова: «Шена хезнадоцург, ша тIаьхьа ца кхиинарг а дийцича, нийса ма ца хуьлу стаг. И гIаттамхойн нах лецна, чохь латтош бу бохуш, дуьйцуш дара массара а. Церан гергарнаш балхара дIабаьхна, бохуш бу бохург, суна хезна дац, зорбанехь дешарал совнах. ХIара Керлачу шеран мукъаденош дирзинчул тIаьхьа, адам шайн-шайн белхашка арадаьлча, тIаккха хуур ду-кх. Вуьшта хуийла дац».

Дахначу шарахь нохчийн къоман депортацин денош гергакхочуш, мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен Instagram агIонтIехь неIалт кхайкхийра оцу геноцидан куьйгбехкечарна: Сталинна а, Берийна а.

Цунна тIаьххье, цхьана оьрсийн блогеро йоцца артикл яьккхира зорбане.

http://burckina-new.livejournal.com/13424.html

«Со ца кхета, стенна во Кадыровс Сталин емал, ша лелориг дуьззина Сталинан кепашца догIуш хилча: шена ца товш болчу нахана депортаци йо, террорхойн а, шена цабезачийн а хIусамаш ягайо.

Ас бехк-м ца буьллу цунна, иза ширачу Iадаташца леларна, амма ца кхета-кх - Сталин а ма-лелла иштта низамца доцчу Iадатца: ца сецна деккъа дIа ямартло йинчу нахана тоьпаш а тоьхна, дерриг а къам махкахдаьккхина, дIахьажийна ГIиргIазойчу, Казахстане.

Тахана Кадыровс леллориг лелийна-кх. ХIетахь санна терахьаш даккхий дацахь а».

Хьомсара “Маршо Радион”доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьатаса: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG