ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мазаев Зелимханна 6 шо хан кхайкхийна


«Восток» батальонан хилла командир Ямадаев Сулим верна бехкевина лаьцна латточу Мазаев Зелимханна Москохарчу Лефортовн кхело набахтехь яккха 6 шо хан кхайкхийна. Мазаев а, цуьнца цхьаьна хилла аьлла шеконехь берш а дахначу шеран Iай шина стагана тIелатар дарна Москох лецнера. Бинчу сацаман хьокъехь цхьа а комментари ца йина я Мазаевн гергарчара а, я адвокаташа а.

Карладоккху, 2009-чу шарахь Дубайхь вийна карийра «Восток» батальонан экс-командир Ямадаев Сулим. Бехке лерина Мазаев Зелимха Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташа дуьненаюкъарчу лехамашка велира.

Мазаев воцург а, кхи а 6 стаг вара Интерполо лаца кхайкхийна.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG