ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тоьлла дахар дерг эскархо ву Нохчийчохь


Къилбаседа Кавказехь къепе латто хьовсийначу эскархойн а, низамхойн а гIуллакхаш, махьарла баханчу дехкан санна ду

Кху тIаьхьарчу шерашкахь Iер-дахарехь мел оьшу хIума дазлахь бен дайлуш дац. Бутт-батте мосазза болу бохург санна, тIедетталуш лаьттачу мехашка хьаьжча, пенсеш, пособеш,алапаш гIорийначу, буто ша бинчу хих тера,цхьанаметта лаьтташ ду.

Бакъду, Оьрсийчохь цхьа чкъор Iедалан гIуллакхехь нах бу ирхъоьху мехаш бахьанехь далуш лаьттачу дахарна кхин дIоггара саготта боцуш.

Уьш Къилбаседа Кавказехь къепе латто хьовсийна эскархой а, низамхой а бу.

Стенна аьлча, тайп-тайпанчу хьукхмат-урхаллашкахь, доьшийлашкахь, хьашт-дезарш листарехь къахьоьгуш болчаьрца дуьстича, церан алапаш лаххаре а доьазза, пхоьазза сов ду.

Цул сов царна Iедало харж ца кхоош еш ю цхьамогIа механа вуно еза гIоленаш а, маьхаза лоьралла леладар а, хIусам эца даккхий ахчанаш далар а биста кхаччалц.

Цунах, могIарерчу белхошца дуьстича Iедало ницкъаллин структурийн вуно чIогIа лерам барх сан къамел хилла махкахь къепе латточарлахь ветеран лара вогIучу прапорщик даржехь волчу Мурадаца. Iедало шайн ечу тергонна тIера долийра цо къамел.

Мурад: «Нохчийчохь гIуллакх деш болчеран алапаш а вон дац, тергалло чIогIа ю. МогIарерчу салтичуьнан алапа масала 40-43 эзар ду, ткъа эпсарийн 100-120 эзарне а кхочу церан даржашка хьаьжжина.

ГIоленаш дукха ю. Масала, ипотека олуш хIусам эца луш ахча ду. Ялх шо даьллачул тIаьхьа пайдаэца тарлуш ду цунах. Муьлххачу а кIоштехь квартира олу хIусам эца йиш ю-кх. Оцу ахчанан барам хьан хене хьаьжжина хуьлу. 3 миллион хила а тарло, сов хила а тарло.

Со ханна воккха волу дела, суна хIинца балхара дIаволуш 3, 5 миллион хир ду. Схьа а делла цунах хIусамаш эцнарш вуно дукха бу. Цхьа-а дуьхьало а йоцуш схьалуш ду-кх иза.

Каралуш дац ахча. Банко ша дIалуш ду иза хIусамна. И эцна аьлла кехат хила ма деза. Ахь эскарехь гIуллакх деш ткъа шо даьлчий бен хьан дола ца йолу иза. Нагахь хьо хьайн бехкенна балхара вохахь, тIетоьуш йоцчу ханна ахь ахча банкина дIадала деза.

ХIусамаш эцарал сов хIора шарахь окладаш ло. Стохка бархI оклад елира шо чекхдолуш преми а олу-кх цунах. Кхушара ши оклад елла. Кххин хIун ду, нагахь цIеххьана валар нисделлехь цуьнан доьзална 1 миллион ло Iедало.

Хьо цомгаш хиллехь, мичча а маьхаза дарба лело дIахьажаво. Нагахь санна, цомгуш а хилла хьо балхара дIаволуш велахь хьуна 50 тIера, 100 –на тIекхаччалц окладаш ахча ло-кх.

Кхузахь гIуллакх деш болчарна цхьана шарна тIе цхьа шо ахшо кхеташ ма дуй. Кхузара алапа а ма ду шозза тIекхеташ а. Iедал еш йолу гIуленаш дукха ю. Ерриш а дага а ца йогIу».

Нохчийчохь гIуллакх деш болчу эскархошна а, низамхошна а дIахоьцучу ахчанах дийцинчу Мурадана хетарехь церан балха тIехь коьртаниг муьтIахьалла гайтаррий, низам а ца талхош тIедехкина декхарш кхочуш даррий ду.

Цунна моттарехь,цундела, бIо ца къажош, муьлхха а омар кхочушдан эскархой кийча хилийта а дIахоьцуш ду Iедало сел комаьршша ахча, беш бу массо агIор аьттонаш а.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG