ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Швейцари: нека цхьаьне дан декхаре бу мехкарий а, божарий а


Швейцарерчу школашкахь бусулба къаьмнийн дешархой-зудабераш декхаре бу шайн классерчу божаберашца цхьаьна нека дан Iамочу урокашка лела. Европерчу адамийн бакъонаш ларъечу кхело (ЕСПЧ) тIеэцна и сацам. Кхело шен сацам бузу, бераш муьлххачу а динера делахь а, юкъараллехь адамца ийна кхиа деза бохучуьнца, школан программехь ду беранна нека дан Iамор.

Кхелана хетарехь, къеста бойла дац вовшех кIентий а, йоьIарий а. Кхузахь дац цхьана а кепара адаман бакъо талхор, билгалдоккху Европан кхело.

2010-чу шарахь туркойх схьаваьллачу Швейцарин шина вахархочо, шайн йоьIарий нека дан Iамочу тIейожийначу уроке цабохуьйтуш, Еврокхеле арз динера, школано динан маьршо ца ларйо аьлла.

«Ден-ненан декхарш кхочуш ца дарна» аьлла, иск еллачу шина турконна 1300 евро гIуда туьйхира кхело.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG