ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кегий нах лецна Цоци-Эвлахь


Нохчийн полици
Нохчийн полици

Масех жима стаг лаьцна Цоци-Эвлахь. ДIалаьцначарна юкъахь бу 2006-чу шарахь кхелхинчу тIемалойн куьйгалхо хиллачу Мускиев Iийсан гергара нах. Мускиевн гергара нах цIий Iано кечлуш бара, аьлла, дIахьедар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Ала догIу, Курчалойн кIоштахь тIомбеш хилла нохчийн тIемалойн буьйранча Мускиев Iийса кхелхира ГIадужу-беттан 6-чу дийнахь низамхошца хиллачу тIематасадаларехь.

"ТIаьхьарчу хенахь Цоци-Эвлахь леррина вовшахтоьхначу сихаллин барамаш дIабахьар бахьанехь дIалаьцна луьра зуламаш дан кечлуш хилла кегий нах. Цаьргара схьадаьккхина герз а, лоьлхуьйту хIуманаш а, кхинболу тIеман гIирс а," - яздира Кадырова шен инстаграм агIона тIехь.

Кадыровс ца хьахийра маса стаг лаьцна цу леринчу операцехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG