ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIинца МускиевгIаран доьзал юкъаберзийна Iедало


Талораш дан кечбелла мостагIий карабо махкахь юх-юха а.

Нохчийчохь, цхьа хан юкъа а юлуш, юкъ-кара нисло, тIамца боьзна луьра, зевне хиламаш, даккхий зулам-талораш дан лоьруш болу мостагIий гучубахар а, лецар а.

Дуккха а адамаш хIаллак а деш, эккха тарлуш хиллачу рогIерчу бохамах мехкан куьйгалхочо дина дIахьедар хааме даьккхина «Кавказан узел» агенталло.

«Кху тIаьхьарчу хенахь дукха леррина дIадехьна зераш бахьнехь Цоцин эвлахь совцийна, луьра зуламаш дан кечамаш беш хилла кегийрхой. Цаьргара схьадаьхна эккха тарло хIоьънаш, герз-патармаш».

Цу хьостано дийцарехь, ишта хаам дIасабаржийна мехкан гIантдас кху беттан 10-чу дийнахь интернет зIенехула.

Герггарчу барамехь аьлча, Iорабаьккхинчу хаамехь аьлла ду, лаьцначу тобанна юкъахь бу 2006 - чу шарахь вийна дIаваьккхинчу тIемалойн баьччан Мускиев Iисан гергарниш .

Ала дашна, официалан тIегIанахь иза а, цуьнан ваша Мускиев Iела а куьгбехке лоруш ву Цоцин юьртара цхьа бIе сов вахархо Iожалле кхачорна.

Юьртахой къинтIера а бохуш, цаьрга шайна гечдар дехар метта, уьш юха а зуламаш дан хьайна хилла боху официалан хьостано.

Муьлхачу ницкъаллин структурашна гучудаьлла цара хьуламехь, къа хьарчо дагахь, зуламе маша бозар?

Маьршачу нахе къематде хIотто тохавелла, лаьцна набахте кхачийнарг маса стаг ву? Цу хеттаршна цкъачунна жоьпаш дац.

Амма юрт, юкъараллехь лелачу хабаршка ладоьгIча, гоне лаьцна латтош ю ницкъаллин структураша, ур-аттал Iедалан белхашкахь болу хьаькамаша а ара-чу а ца бовлуьйтуш.

Лула - куларчу муьлххачу меттигашкахь а, хIинца Цоцин эвлахь кIелдIашхула цхьаъ лело гIоьртина бохуш яьккхина гIовгIа а шеконца тIеоьцурш дукха бу. Иштачех ву Соьлжа гIалин кIоштера МагIарби а.

МагIарби: «Кхин хIумма а дац. Бакъ хеташ тIеэца оьцуш хIумма а дац. Оцу телевизор чохь буьттуш бу-кх цара хи санна пуьташ. Нохчийн олуш хIума ду-кх "шен бIаьргара хьокха а ца гуш, нехан бIаьргара чамхалг го».

Изза ду. Тамаш бан хIумма а дац. Уьш нах байа бахкар аьлча со-м ца теша. Валлай ца теша-кх. Мел хьайна ахча делча а, хьо гIур вуй хьо лийр вуй хууш вала. Цу ахчанах ахь хIун до хьо лийр хилча? Бакъдерг дуьйцу бохуш, хабарш дуьйцуш болчарна кху чохь хуьлург а вайна хаьа-кх».

Бомба юллуш лаьцний, ницкъала эккхийтар дан гIоьртина хиллерий, маьрша нах хIаллакбан маша бузуш вийний бохуш, низамхоша Iорабоху хаамаш бакъдолчунна гена хеташ болчеран къоьлла яц.

Цу тобанах ву Шелан кIоштера вахархо Ваид а.

Ваид: «ГIалгIайчохь я Дагестанехь, я кхузахь бен дIа а дац. ХIоккхехь теракташ ян гIерташ лаьцна, вийна бохучух со кIезиг теша. Ишта шеконе буьйлуш берш дукха бу.

ХIара Оьрсийчоь дуьненна а евзаш ю. Хийла политик, бакъонашларьярхо, бехк боцу стаг дIавоккху кхузахь. И саннарш шортта бу охьабагарбан а. Хийла бахьанаш а хIиттош, шатайпа бух а буттий, адамаш дайина Оьрсийчохь, нах теша а беш».

Оьрсийчохь а, цуьнан кIошташкахь а кест-кеста нисдеш лаьтта, бехк боцу вер-ваккхарш а, лецарш а, кхела хьалха а хIиттош, таIзарш дар а ган а гуш, Iаш болчу могIарерчу наха, "хIорш далатохар дан" бохкура бохуш, кхайкхош лаьтта бехкамаш шеконе бахкар, селхана я тахана кхоллаелла ойла-хажам хуьлчух тера а дац.

Бакъдерг аьлча, официалан гIар мел даьккхинчух тешаш а яьккхина вайнаха дукха хан

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG