ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Курчалойн кIоштан администрацин куьйгалхо хийцина


Шинарийдийнахь дIаяьхьначу кхеташонехь керла хIоттийна Курчалойн кIоштан администрацин куьйгалхо Абдуллаев Iела вовзийтина Кадыров Рамзана. Оццу цхьанакхетарехь дIакхайкхина мехкан куьйгалхочо, Нохчийчохь зуламаш дан лерина Цоци-Эвлара кегийрхойн тоба лацарх а.

Стохка дуьйнна Курчалойн администрацин куьйгаллехь вара Ибрагимов Мохьмад-Хьаби. Абдуллаев Iела цу кIоштарчу Iаларой-эвлара ву. 2005-чу шарера 2013-чу шаре кхаччалц оцу кIоштан префектан даржехь лаьттина а ву.

Кхо шо хьалха, парламентан депутат ша хаьржинчул тIаьхьа дитира цо префектан гIант.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG