ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нухажиев: "Шведовс ша шена пиар йо..."


«Кавказан узел» агенталлан коьрта редакторо Шведов Григорийс, шена парламентан спикеро Даудов Мохьмада кхерамаш тийсарх дина арз, ша шена пиар яр ду аьлла Нохчийчоьнан Iедало. «Медиазона» хьостано бечу хаамца, Нохчийчохь адамийн бакъонийн тергоечу Нухажиев Нурдис дина ишта дIахьедар.

Цо чIагIдарехь, кхело бехке озор вац Даудов. ТаIзар дале тоьшаллаш каро деза, Даудовн йозанехь баккъал а Шведовна кхерамаш хиларан.

«Муха баста беза «Кавказан шад» (узел)? аьлла ша хIоттийначу хаттарна жоп луш, Даудовс Инстаграмехь шен пенатIехь яздина: «Шведовн кхетаман ши кIомсар схьаяккха еза, тоъалчу барамашкахь мотт а бацбеш» аьлла.

Журналисто шен дахарна спикеро кхерамаш туьсуш санна туьду и дIахьедар. «Кавказан узел» агенталло хаамашкахь дуьйцу, Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъеш цахиларх.Оршотдийнахь Шведов Григорийс Талламан комитете Даудовн кхерамаш хьокъехь арз чуделла.

Оьрсийчоьнан цхьа могIа бакъонашларъярхой Шведовгахьа бу, «цивилан дуьненахь хила цаториг ду иза» аьлла цара, Даудовс кхерамаш тийсар

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG