ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

15 стаг Нохчийчуьра араваьккхина Iедало


Дахначу кIиранах Нохчийчуьрчу пурстоьпийн урхалло махках ваьккхина 15 легалехь воцу Узбекистанан вахархо. Лецна мигранташ цхьанхьа а чоьте эцна а боцуш, Оьрсийчоьнан пачхьалкхехь баха бакъонан кехаташ карахь доцуш хилла.

ХIора а 2 эзар сом гIуда а хьарчош, махкал ара ваьккхина. Дахначу шарахь нохчийн пурстоьпаша, кхелан сацамашан тIе а тевжаш, махкал араваьккхина 27 легалехь воцу мигрант.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG