ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полшехь кхел йолийна нохчочунна тIехь


Polsat.телеканало хаамбо, Нохчийчуьра схьаваьллачу вахархочунна бехкедиллина, легалехь а доцуш Полшера 30 нохчо Малхбузерчу Европе дехьаваккхар. Талламчаша чIагIдарехь, Полшин 4 вахархочо а, 35 шо долчу Нохчийчуьрчу жимачу стага а шина шерачохь немцойн-полшхойн доза а хадош, Оьрсийчоьнан 30 вахархо Европе дIакхачийна.

Полшин телеканало дийцарехь, доккхачу декъанна Европехь тховкIело лоьху нохчий дехьабохуш хилла оцу тобано. Зуламаш, коррупци толлучу департаменто кхеле хьажийна нохчочунна дуьхьал айдина бехктакхаман гIуллакх.

Тобан декъашхошна 10 шаре кхаччалц хан йогIу набахтехь яккха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG