ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

1 полисхо а, 4 стаг а вийна Курчалойн кIоштерчу лерринчу операцехь


Куьрчала
Куьрчала

Тахана леррина операци дIаяьхьна Нохчийчуьрчу полисхоша. Нохчийчуьрчу маршо радион хьостанаша дийцарехь, Iуьйранна сахьт даьлча гулбиначу низамхоша леррина операце дIайолайира Курчалан кIоштерчу масех юьртахь: Цоцин-Эвлахь а, БIаьчин-Юьртахь а, Куьрчалахь а. Къоман Гвардин тоьлла тIеман а, полисхойн а дакъош ду цу операцешкахь дакъалоцуш. Бечу хаамашца, тIеман тийсадаларшкахь кхелхина Iедалхошна дуьхьало йинчех виъ стаг а, цхьа полисхо а. И тIеман тасадалар хилла Цоци-Эвлан йистошкахь. Курчалойн кIоштера операци ерзаза ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG