ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цоцин-Эвлахь юха а дIайолийна тIемалой лоьху операци


Ночийчуьрчу полисхоша юха а дIадолийна Куьрчала кIошташкарчу ярташкахь кхаарийдийнахь хиллачу тIематасадаларшкь ведда ваьлла тIемало лехар. Махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн векало бина и хаам. Зорбанаша хьалхо дийцарехь, кхаарийн суьйранна оцу кIоштахь дIаяьхьначу леринчу операцехь вийна 4 тIемало, цхьаъ дийна каравеана. Полисхошлахь ву цхьаъ вийнарг. Иштта аьтто баьлла цхьана тIемалочун къайлавала.

«Карарчу хенахь ницкъаллин структурийн белхахой Цоцин-юьртарчу хIусамашкахь а, хьаннашкахь а ведда тIемало лоьхуш бу. Чоьхьарчу министраллан дуккха а дакъош ду тIеоьзна. Леринчу операцин буьйралла деш Кадыров Рамзан ву», аьлла ТАСС агенталле цхьана полисхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG