ТIекхочийла долу линкаш

РИА агенталло, чоьхьарчу гIуллакхийн хьукматашна тIе а тевжаш, хоуьйту, Куьрчала кIоштарча леринчу операцехь ши эскархо вийна хиларх. Кадыров Рамзанан информацица вийна 4 тIемало «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанца уьйрашца хилла.

«ДАIИШ тобанца церан зIенаш хиларан тоьшаллаш ду цара телефонашчухула динчу къамелашкахь, дIаса хаамашкахь», аьлла Кадыровс.

Цо бахарехь, тобано Iалашо лаьцна хилла хьаькамаш а, полисхой а, Iеламнах а байа.

XS
SM
MD
LG