ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчуьрчу Цоцин-Эвлахь дIахьочу тIематасадаларшкахь вийна могIарера салти Хашумов Хьамзат а, ефрейтор Хутаев Бекхан а. Хьалхо Кадыров Рамзана дIахьедира, вийнарг 4 тIемало а, цхьаъ полисхо а ву аьлла. Кхаарийдийнахь дуьйнна эскарш ду Курчалойн кIоштарчу масех ярташкахь латтош. Бахархоша даредарца, гонелаьцначу ярташкара адам чу-ара долуьйтуш а дацара.

Iуьйранна дуьйнна операци юхайолийна Курчалойн кIоштарчу Цоцин-Эвлахь, Гелдаганахь, ведда дIавайна тIемало лоьхуш.

Операцехь вийна Хашумов а, Хутаев а Росгвардин бIаьхой бара.

XS
SM
MD
LG