ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бер адам а доцуш санна...


Дукха хан йоцуш Котар-юртара 11 шо долу йоI еллера, ша шена хорам а бина. Ша ялале цо кехат а дитинера шен гергарчаьрга, уьш къинтIера бохуш. Кхин цуьнах гIарадаьккхина дуьйцуш хIума дац.

Билгалдаьлла, оцу йоьIан дай-наний къаьстина а долуш, иза шен дехошца ехаш хилар. Ишколехь а, гергарчара а тидам бина хилла цуьнан лелар а, амал а тIаьххьарчу хенахь хийцаелла хилар.

Амма цхьа а ца гIоьртина, цуьнан бала къасто а, иза цуьнца бекъа а.

Баккхйичара хIоттиначу дуьненахь дехачу берашна, ша тайпа го иза. Цара атта тIе ца оьцу, кIайн-Iаьржий бен беснашца кхин къесто ца хууш и дахаран чолхаллаш.

Тамашийна дерг ду, дукхачу декъехь, баккхийчарна шайн берийн амалехь, леларехь цIеххьана хилла хийцамаш гушшехь, кхиазхой даха дуьйладалале, шаьш дойуш хиларна терго еш ца хилар.

Стохка, нийса шо хьалха Соьлж-ГIалахь цхьана дийнахь дуьненчура дIавахара 13 шераш долу ши кIант.

И шиъ вовшашна вевзаш а, ур-аттала цхьана кIоштехь вехаш а ца хилла. И шиъ валаран де нисделлера Чиллан - беттан 23 дийнахь.

Масех шо хьалха Гуьмс-ГIалахь йоI а, кIант а деллера цхьана дийнахь. И шиъ а вовшашна девзаш ца хилар къастийнера талламхоша.

2012 шарахь Лах-Варнадара 15 шо долу жима стаг ирах оллавеллера.

Дикачу доьзалера, кIеда амал а йолуш кIант хилла, бохуш тоьшаллаш дора гергарачара а, юьртхоша а.

Иштта масалш дийца шортта делахь а, уьш толлуш а, царна тIехь болх бац дIабоьдуш. Иза вайн, нохчийн амалан бехк бу аьлла, дийцира берийн психолога Умарова Миланас.

Умарова: «Психикан хьолан терго ца йо нохчаша. Яа хIума йичхьана, во хIума ца дичхьана, олий дIадезадо цара».

Берийн бошмашкара, уьш нахана юккъе дуьххьара бевлчхьана дуьйна царна терго ян еза аьлла хета психологна Умарова Миланина.

Ала догIу, хIора бешахь а, ишколехь а хуьлу и болх бан безаш болу говзанчаш. Схьахетарехь, церан бехк а хила мега, берийн суицид Нохчийчохь хилар аьлла, билгалдаьккхира цо.

Умарова: «Дешарна терго йо дуьххьара. Со цигахь 5 шарахь болх беш хилла. Уьш дукха долудела, хIоранна тIе бIаьрг хIуттуш хир бац церан.

Лууш ца хила а мега, цундела оьшуш болу тидам ца хуьлу царна. Бахьнехь аьлча: чуьра дуьйна догIуш ду иза. Цхьаболу дай-наной болх беш хуьлу, цундела церан аьтто ца болу берашна терго ян. Вай хIинций бен даха дуьйладелла а ма дац».

ТIеман тIаьхьалонаш Нохчийчохь ехха лаьттарг хиларх дукхачу тергамхоша дийцина ду.

Жигара тIом ца гинчу чкъуран тIехь а хаалур ду бохуш а билгалдаьккхина иза. ТIаккха а, цу тIехь шуьйра болх бац дIахьош.

Бакъду, ши бутт хьалха Нохчийчоьнан прокуратуро тIедожийна шаьш шайна тIе куьг даьхьна муха вен веза стагна хьоьхуш йолу 39 сайт Оьрсийчохь дIакъовла аьлла.

Иза муха кхочуш дина хууш а дац. Сайташ дIакъевлича а, цхьанна а низамца магийна доцу и кIоршме хIума дIадалахь тамаш бу, уггар хьалха, бер оцу ойланашка кхачо бахьанаш кара ца дахь.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG