ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цоцин-Эвлахь байинчийн цIераш дIакхайкхийна


Зорбанехь Iораяьхна Цоцин-Эвлахь шина дийнахь дIаяьхьинчу леринчу операцехь байинчийн цIераш. Ницкъаллин структурийн белхахоша иштта дIакхайкхийна байинчийн ДАIИШ-ца уьйраш хиларх а.

«Кавказан узел» агенталле цхьана ницкъахочо бинчу хаамца, байинчех цхьаъ ву 2004-чу шарахь гIаттамхойн могIарехь хиларна 12, 5 шо хан набахтехь яьккхина Мадаев Узум-Хьаьжа.

Иштта, чоьхьарчу гIуллакхийн министро бахарехь, Цоцин-Эвлахь байина Шелара Оздиев Iумар, Идрисов Райбек, Гермчигара Купчиев Алихан.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG