ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лоьрашкара велларг а ахчанах ваккха везча...


Декъий латточу меттигашкахь, лоьрашка шайн велларг этIа ца вайта токхамаш бо нохчаша.

Цуьнан орамаш мича меттиг- заманера схьадогIуш ду ала хала а долуш, дукха хена дуьйна цхьа ламаст ду Нохчашлахь лелаш.

Мел генахь веллачу стега дакъа а, хуьлда иза Малхбале я Малхбузе, хаъал герга йолу Европа-м йийца а ца йогIу, нохчаша мел дукха харж яларх цIа а дохьий, лаьтте дерзадо.

Шен гергарчу стеган чарх хийрачу геналлехь цайитар, шен декхар лору, ур-аттал, къоьлла ловш, хала хене волучу нохчочо а. Вуьшта аьлча, вайнахалахь вуно чIогIа сий-лараме ду шен гергарчу стеган коша барз куьг кхочехь хIоттор, чурт-тIулгана куьг хьакхар, мичча хена а тIе а хIоьттина.

Iоттабаккхаме дагахьбаллам ца а буьтуш, и таро шайн хилийта а, дIакхелхинчуьнан дакъа цIа кхачорал сов нохчашлахь хийра дац муьлхха мах белла а, этIа ца войтуш велларг лоьрийн карара ваккхар.

Дукха хьолехь цу тIехь церан ка а йолу. ХIинцца Ставропол махкара цIа а валийна дIаверзийна некъахьовзамехь вела 21 шо бен хан йоцу Теркйист кIоштера жима стаг. Цуьнан шайн наха къаро ярца, нохчаша ма- аллара аьлча, и этIа ца вайта, цунах лоьрашка куьйгаш ца деттийта, 50 эзар охьадиллина лоьрашна гергарчара.

Цунах дуьйцуш ву могIарера вахархо Билал. Цуьнан дешнашца аьлча «дакъа къовсурдолчаьргара» лоьраша ахча алсам доккхучух тера ду.

И ахча охьа а диллина, велларг а валош цIа баьхкина уьш.

Билал: «Лоьраша этIо гIерташ, вешин дакъа схьа ца луш лелачуьнга цхьана оьрсийчоь аьлла 15 эзар лоьрана ло, цу сохьта схьалур ву хьуна. Чу а вахна кхо лоран стоьла тIе 15 эзар охьадиллина.

«Не, не!» - мохь баьлла лоьрера. Кхо кхин итт эзар а охьадиллина тIаккха киснара. ТIаккха а дуьхьало йина лоьро. «Ой, мел дала деза ша» хаьттина, цецваьллачу кхуьнга. 50 эзар аьлла жоп делла лоьро.

И ахча охьа а диллина, велларг а валош цIа баьхкина уьш. Ношкарий, дагестанхошкарий, эрмлошкара ишта доккха боху ахча, ткъа оьрсашкара, цара кхин лур доций а хууш, 15 эзар бен ца доккху боху».

Волгоград гIалина гергахь некъахьовзамехь кхелхина Теркйист кIоштан Ломаз юьртара вахархо Мурадов Сулейман. ШолгIа де-буьйса доладелла цуьнан ши ваша сел партал лелачу лоьраша велларг схьа ца луш, холчохь.

Чуьра гергарчарна хетарехь, цкъа делахь, цу некъахьовзамехь, Iожалло вехьначунна дуьхьал машен кхоьссина куьг бехкениг волу дела, лоьраш хIуьттуш бац ахчанца гIуллакх дерзо.

ШолгIа бахьана ду, веллачуьнан берашна Iедало ян тарло гIоленаш боху Ломаз юьртарчу вахархочо Мусас.

Хуур ду-кх, кхана цара хIун до...

Муса: «Тахана схьа ца велла цара, лоьраша, велларг, кхана хуур ду аьлла. ХIара-и аьлла мах ца аьлла.

Кхарна тIе машен тоьхна куьг бехкениг а хилча, тIаккха дисинчу берашна Iедалера хуьлу гIо тIаьхьа ца теттийта, лоьраш ца хIуьтту этIа ца веш схьавала. Хуур ду-кх кхана цара хIун до. Берашна вон ца хилийта этIорна тедан а там бу гIуллакх».

МогIарерчу бахархошца дечу зеран къамелашкахь гучу ма-даллара, ахкаме ваьлча, вуно дукха карабо нохчашлахь, ахча хьалха а даьккхина, лоьраш веллачуьнан кийра ца булуьйтуш, Iожалхо цIа а валийна, дIаверзийнарш.

Велларг этIаварх а, ца а этIош волчаьрга дIаваларх а маца, муха нисло бохучух кхетам луш къамел дира лор - терапевто Баскариев Хизарс.

Хизар: «Некъахьовзамехь Iожалла нисьеллехь зераш ца дича веллачуьнан чарх дIаялар мага ца до низамо. Арахьара бахьна хилча а маггане а магош ма этIа а ца веш дIавала. ХIинца ахь вуьйцург кхечуьнан бехкенна вела ма ву. ТIаккха и муха ло ишта дIа? Талламаш бан ма беза.

Криминал ю аьлла шеко хилча а, мелла хилча а, дукха ду и бахьнаш, и шадерг талла деш зераш ду уьш. ТIехьаьжча а и муха велла гуш делахь а, лоьрашна тIехь ду дакъа этIор».

Маршо Радио: Оьрсийчохь коьртах бевлла бу боху нохчий а,гIалгIай а, суьйлий а мел генахь стаг валарх цIа валош…

Дийна волуш санна лерам бо веллачун

Хизар: «Уьш Iадаташ ду. Дийна волуш санна лерам бо-кх оха дIакхелхинчуьнан. Гергарчу стеган кошан барз юххехь хуьлийла лаар а ду замана кIоргера схьадогIуш, ша дийца дезаш хIума…»

Веллачуьнан чарх лоьраша талларх а, мел гена некъ хиларх цIа а валош, иза дIаверзаварх а дийцинчу лоьрана Баскариевна хетарехь, вайнехан Iадаташца къоман психологи дозаделла хIума ду, мел геналлехь стаг Iожалле верзарх, цуьнан кошан барз цIахь хуьлийла луш, ахчанан чот ца еш, харж яр.

Цунна моттарехь, нохчашлахь ондда бух болуш хIума ду «хIара дуьне-м бIаьргаш хьаббичхьана дуьсур долуш дара» боху кхетам.

Цо кхеторехь лаа ца кхехьна, 13 шо Сибрехахь а текхна цIа богIучу цхьаболчу нохчаша чамданаш чохь а, ларчаш а юкъахьарчийна а, гергарчийн даьIахкаш.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG