ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а эшийна Каляпин Игор


Дахначу шеран аьхка Каляпин Игор коьртехь волчу «Iазапна дуьхьалояран комитетна» тIелатар динчу хенахь, белхахоша полисхошка орца доьхуш телефонаш дIаеттарх, жоп цадаларна уьш бехкебеш, Талламан комитете арз динера бакъоларъярхоша. ЯлхолгIа а талламчаша дуьхьало йина бехктакхаман гIуллакх царна дуьхьал даккхарехь.

Бакъоларъярхойн комитетан сайтехь бина и хаам. Стохка «Iазапна дуьхьалояран комитетна» динчу тIелатарехь, бовзаза бисинчара доллу кехаташ хIаллакдира, машен йохийра, белхан гIирсаш а этира. Шайга тIелатарх хаам бинехь а, ши сахьт даьллачул тIаьхьа бен ца кхаьчнера полици.

Бекхатакхаман гIуллакх дуьхьал ца айдаран бахьанаш лору Талламан комитето: полисхой шайн тароне хьажжина офисе кхьачна хиларна.

ТIелатар динарш, муьлш бу хаа тарлуш дац аьлла, кху муьрехь сацийна ду "Iазапна дуьхьалояран комитетан" гIуллакх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG