ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно Шемарчу хьолах дийцаршка Астана кхайкхина Iамерка


The Washington Post газетано хаамбо, Трмап Доналдан администрацин векалш кхайкхина Оьрсийчоьно кху беттан 23-чу дийнахь Астанахь дIадахьа леринчу дийцаршка, аьлла. Iамеркан пачхьалкхан департаментан векало Тонер Марка дIахьедина, тIаьххьарачу денойон мандат ерзочу Обама Баракан администрацино къобалдина, Казахстанерчу дийцаршкахь керлачу президентан векалша дакъалацар.

Керла Iамеркан президент Трамп Доналд шен декхарш кхочушдан волавелла 3 де даьлча нисло Астанахь Шемара хьал дерзоран некъаш лоьху дийцарш дIадахьар.

Washington Post газетано билгалдоккху, Оьрсийчоьнан Iамеркарчу посола Кисляк Сергейс, ша телефонехь Трампан пачхьалкхан кхерамзалла ларъярехь волчу хьехамчаца Флинн Майклца къамел деш, кхайкхина иза дийцаршка.

Хьалхо зорбанаша яздора, Кремло хьехош а дац Iамерко Астанахь дакъалацарх, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG