ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: "Информацин тIом бу динца болийнарг..."


Дозанал а арахьарчу терроран юкъараллаш социалан машанашкахула кегийрхошна теIаткъам бан гIерта аьлла, Инстаграмерчу шен агIонтIехь Кадыров Рамзана. «Амма Нохчийчуьрчу кегийрхошца цара дан леринарг чекхдер дац, доцийла оха хIинцале а хаа а хаийтина», боху цо.

Кадыровна хетарехь, гоьбевллачу Iеламчаша пачхьалкх чIагIъян еза, бахархойн социалан проблемаш цхьалха яха еза алар, Исламан мостагIаша харцахьа даьккхина, тIамехь дакъалаца кхайкхам бина бохуш.

«Иза эхь ца хеташ дуьйцу харцдерг ду, Исламан дин а, бусулбанаш а емалбан гIерташ. Оцу харцонна тIехьа лаьттарш, шаьш бусулба хетарш бу, хаамийн гIирсашкахь Исламна дуьхьал биллина боьха тIом айбинарш», яздо Кадыров Рамзана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG