ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Дождь" телеканал хьеярна дуьхьал ю журналистийн бакъонаш ларъен Комитет


Украинан телевизионехь оьрсийн йозуш йоцучу «Дождь» телеканалан трансляци яр доьхкуш тIеэцна сацам, Iедало катоьхна юхаэца беза аьлла дIахьедина журналистийн бакъонаш ларъечу Комитето. «Украинехь бехачу оьрсийн мотт буьйцучарна бина эшам бу оцу телеканална эфире йийлар дехкар. Цара хаамийн гIирсашкахь дуьйцург довзуьйту, адамийн хьежамаш гойту, Оьрсийчоьнан Iедална муьтIахьчу хьосташа бохург дIакхачадо бахархошка, цундела, хьем ца беш, сацам хийца беза Украинано» аьлла журналистийн бакъонаш ларъечу Комитетан координаторо Огнянова Нинас.

Комитетан сайтехь кхозу Радион, Телевизионан Кхеташоно «Воля» провайдерна тIедиллар, «Дождь» каналан телевизионе йийлар сацор карабогIу бутт юккъе балале.

Журналистийн бакъонаш ларъен Комитет- Iамеркан Iедалца а, коммерцица а йоьзна йоцу, журналистийн бакъонаш, прессан маршо ларъен организаци ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG