ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дацаев Iимран лаьцна полисхоша Куьрчалан кIоштахь


Куьрчалан кIоштахь хиллачу тIематасадаларшкахь полисхойх ведда къайлаваьлла, тIемало лору Дацаев Iимран лаьцна аьлла, хаам баржийна «Кавказан узел» агенталло. Иштта Нальчикехь шиъ лаьцна, Нохчийчохь байинчу гIаттамхошца уьйрашкахь хилла аьлла шеконца.

Хилларг ма-дарра официалехь цкъачунна кхайкхош дац, «Кавказан узел» агенталлан хаамашца «Дацаев Iимран махкахь зуламаш дан леринчу тIемалойн тобан хьалханча хилла, иштта масех бутт хьалха Нохчийчохь цхьа полисхо вийна а хилла Дацаевс».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG