ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчоь реза ю Iамерка Астана кхайкха


Карара бутт бовш Казахстанан коьртачу шахьарахь Астанахь дIахьондолчу, Шемарчу хьолах машаран дийцаршка, Iамеркан векалш кхойкхур бу Туркойчоьно а, Оьрсийчоьно а аьлла, хаамбина Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро. Штаташа дакъалаца эшарх хьалхо а дIахьедора Чавушоглу Мевлюта, амма хIинццалц Оьрсийчоьно хьаха ца дора, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн векалш оцу дийцаршкахь хила шайна лаарх, яздо «Iамеркан аз» интернет агенталло.

Шоьтадийнахь, Iамерка кхайкха лаам а бовзуьйтуш, вистхуьлуш, Чавушоглус оцу юкъанна дIахаийтира, дийцаршка курдойн тIеман тобан векалш – Шемин демократин эскарш, министро «терроран организаци» лору битарна шаьш дуьхьал хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG