ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан вице-президент Байден визит дIахьош ву Киевехь


Украина -- Украинан премьер-министр Гройсман Владимир цхьаьнакхетта Iамеркан вице-президентаца Байден Джоца. Дечкен-бутт 16, 2017
Украина -- Украинан премьер-министр Гройсман Владимир цхьаьнакхетта Iамеркан вице-президентаца Байден Джоца. Дечкен-бутт 16, 2017

Iамеркан вице-президент Байден Джо веана визитаца Киеве. Украинан куьйгалхошца цхьаьна а кхетта, Вашингтона цу пачхьалкхана гIортор еш хилар гайта Iалашо ю цуьнан.

Байден Киеве варан формалан бахьана ду Цхьанаьнатоьхначу Шаташа йозуш йоцучу Украинаца дипломатийн юкъаметтигаш дIанисйина 25 шо кхачар.

Iамеркан вице-президент Байден хIинцале а цхьаьнакхетта Украинан премьер-министрца Гройсман Владимирца.

Карарчу хенахь дIадоьдуш ду Байденан а, Украинин президентан Порошенко Петрон а цхьаьнакхетар.


Киевехь визит дIайирзича Байден дагахь ву Швейцарерчу Давосе ваха. Цигахь цо дакъалоцур ду дуьненаюкъарчу экономикан форумехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG